ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчочо йиттина шена аьлла Австрин скандалечу политико


Туркойчуьра схьаваьллачу Австрин политико Дёнмез Эфганис (Efgani Dönmez) дIахьедина, шена нохчочо йиттина аьлла. Kronen Zeitung газетано Iорабаьккхина и хаам. Политико бахарехь, Линц олучу гIалахь хилла ю и инцидент, шен жимахйолу йоI вилспет хахка кхо Iамочу хенахь. ТIехволучу цхьаммо туйнаш туьйхира шен йоIана, цул тIаьхьа иза вилспетара чутоха гIоьртира аьлла, дIахьедина политико. Австрин парламентан депутат волчу Денмеза, ша урс даьккхира боху, цунна дуьхьало еш. Политико чIагIдо, цул тIаьхьа зуламхо гергарчу букмекерийн гIишлочуьра четар а эцна, шена иза детта вуьйлира бохуш.

Оцу меттиге кхаьчначу полицино цхьана ханна дIалецира тIелатархо. Ткъа Денмез дарбан цIийне вигира, пIелг кагбина хилла цуьнан.

Ишта хиллачух кхин верси а ю. Шеконашка эцначу нохчочо дийцарехь, политик ву цунна тIелеттарг, дийцина "Кавказ.Реалии" портале Линц гIаларчу полицин векало. Денмез уьрсаца шена тIехахкавелира, тIаккха букмекерийн бюро чу иккхира ша, орца деха аьлла нохчо ву бохучо. Цу чохь карадеанчу четарца дуьхьало йира ша агрессица шена дуьхьалваьллачу политикна бохуш, дийцина бехкевинчо.

Инцидент зуьйчу юкъанна полицин Iалашо ю талла, стенна лелош хилла политико шеца урс.

Австрин политикашлахь уггар а скандале лоруш ву Дёнмез Эфгани. Меттигерчу хаамийн гIирсийн агIонашкахь дукха хуьлу цунах яздина, расистийн, сексистийн къамелаш цо дарна.

Масала. 2015-чу шарахь мухIажирш а, бусулбанаш а емалбеш цхьа могIа сийсаз дIахьедарш динчул тIаьхьа декхаре хилира иза Баьццарчийн парти юкъара аравала. Цул тIаьхьа канцлер лаьттинчу Курц Себастьяна куьйгалла дечу Австрин халкъан партих дIакхийтира Денмез. 2018-чу шарахь немцойн Социалан-Демократин парти юкъарчу Чебил Савсан сийзазвинчул тIаьхьа, дIавьккхира иза оцу партера а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG