ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна тIехьашхула урс тохар


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала полицин постана тIелатар динчул тIаьхьа.
Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала полицин постана тIелатар динчул тIаьхьа.

Нохчийчохь полицин белхахошна тIелетарийн рогIерчу тулгIено гучуйоккху цигахь кхерамазаллица йолу хало

Нохчийчохь ТIехьа-МартантIехь муьлш бу ца хуучу наха тIелетар дина полицин постана. Оцу тIелатарехь вийна полицин цхьа белхахо. Хаамийн агенталлаш гIорасиз яра оршотан сарахь тIелеттарг а, цара вийна я лазийнарг а маса стаг ву ца къасталуш.

Цхьаболчу хаамашца, тIелатар динчу стага постана герз диттинера, цул тIаьхьа ша а эккхаш. Кхечара оццу хенахь дийцара, тIелатар динарг ши стаг а ву, цу шиммо ши полисхо а вийна бохуш. КоалгIа верси а яра хьехош. Ницкъаллин структурашкарчу хьастана тIе а тевшаш, хаамаш бора, верриг а вийнарг ши стаг бен вац бохуш – постера цхьа полисхо а, тIелатар дина цхьа стаг а.

ХIинца билггал ала мегар ду Товбецан-беттан 1-чу дийнахь вийнарг ницкъаллин стурктурийн цхьа белхахо хилар. Иза ву Кемеровн кIоштара Нохчийчу ханна гIуллакх дан ваийтина полицин старшина Дворников А.Ю.

ТIелетарехь логах урс кхетта волу иза велла дарбанан хIусаме вуьгуш. Вуьшта аьлча, тIелатар дина Оьрсийчуьрчу кхечу регионера Нохчийчу командировке бахкийтинчу полисхойн постана.

Тайп-тайпана хьеха йора и тIелатар хилла меттиг а. Оршотан сарахь дийцира иза я Кортар-Юьртана, я Бумматана гергахь хилла бохуш. Ма дарра аьлча, тIелатар хиллера ТIехьа-Мартанна а, Бумматна а юкъахь болчу ворданаш лелачу некъа тIехь. Оцу меттехь гIуллакх деш бу тIаьхьарчу масийтта шарахь Нохчийчу командировкаш оьхуш болу Кузбассера полисхой.

Блокпостехь лаьттачу полисхоша вийна тIелатар динарг.

Социалан машанашна мониторинг ечу SITE Intel Group аналитикан сервисо бинчу хаамца, "Исламан пачхьалкх" (ИГИЛ) олучу тIеман тобано шена тIелаьцна ТIехьа-Мартанан кIоштахь полицин белхахошна дина тIелатар.

Полисхошна уьрсаца тIелатар даран тактика йогIуш яц Оьрсийчурчу бахархойн менталитетца, аьлла Кадыров Рамзана. "Оьрсийчохь цкъа а ца хилла уьрсаца низамаш лардечу белхахошна тIелетарш даран практика. Иза Малхбузерчу пачхьалкхаша юкъадаьккхина х1ума ду, Оьрсийчу экспорт йина долу", - боху цо.

Ма дарра аьлча, "уьрсан терроризм" Европехь кхоллаелла яц. ДIадаханчу бIешаран 80-чу шерашкахь цу тайпа тIелетарш доладеллера Гергарчу Малхбалехь Газа-асанехь. ТIаьхьо, 21-чу бIешарахь цу тайпаниг хила доладелира Малхбузерчу гIаланашкахь а (Лондонехь, Парижехь, Ослохь, Мадридехь, Гамбургехь, Брюсселехь, иштта дIа кхин а).

Урс хIунда леладо? Террорхочун башхалла а дац ша маса стаг вуьйр ву бохург. Цуьнан коьрта Iалашо ю мостагI вохор, кхерам тасар, шена тIаьхьа богIур болчу нахана оьшуш долу хьелаш кхоллар.

Квахадзе Александр "Рондели Фондан" талламхо ву. Цунна мелла а шуьйра го и проблема. Квахадзена хетарехь Къилбаседа Кавказера, къастттина Нохчийчьурчу бахархоша дакъалоцуш Шемахь а, Иракъехь а хиллачу конфликтийн тIаьхьалонаш ю цу гIуллакхна Iаткъам бийраш.

"Къилбаседа Кавказехь къайлаха лелачу тобанийн низамехь йолу структураш дIаевлла. Амма радикалан ойланаш йолу нах болуш бу цу регионехь. Низам долу структураш ца хиларна "ша лела борз" олу и нах шаьш лела хIинца. Уьш бовза хала ду къайлаха лелачу структурашна, ткъа церан тIелатарш йоккха психологин эффект йолуш хуьлу", - дуьйцу Квахадзес.

Оршотан сарахь динарг шолгIа тIелатар ду кху тIаьхьарчу шарахь хиллачех. Мангалан-беттан 23-чу сарахь Соьлж-ГIалахь некъан полицин белхахочун тIелатар дира меттигерчу вахархочо Барзаев Ахьмада. 2018-чу шарахь Марсхьокху-беттан 20-хь кхо тIелатар дина ницкъаллин структурийн белхахошна. ТIелеттарг 5 стаг вара, официалан болчу хаамца, уггар воккхаха верг 18 шо, уггар жимаха верг 11 шо долуш а волуш. Уьш берш кхелхира герз диттина хиллачу чевнех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG