ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пачхьалкхна ямартло йина аьлла, кхин а цхьа вахархо дIалаьцна Оьрсийчохь


Москварчу Лефортовн кхело Марсхьокху-беттан 24-чу кхаччалц лаьцна вуьтур ву Оьрсийчоьнан вахархо Петушков Сергей. Иза бехкево пачхьалкхна ямарт хилла аьлла, яздо "Москва" хаамийн гIирсо кхелан пресс-гIуллакххойн информацина тIе а тевжина. Хаамийн гIирсашкахь тIехдаьккхина дуьйцуш дац цунах лаьцна, Петушковн гIуллакхан материалаш "къайлах" аьллачу грифца билгалъяьхна хиларна.

Бакъонашларъярхойн зерашца, тIаьххьарчу 20 шерачохь пачхьалкхна ямарт хилла а, шпионаж лелийна а аьлла, бехкала хьарчийна Оьрсийчохь бIе гергга стаг. Къаьсттина резонансе дара гоьваьллачу физикан Кудрявцев Викторан а, цуьнан дешархочун Ковалев Романан а гIуллакх. Гипераьзнийн технологех хаамаш Брюсселе дIакхачийна аьлла, бехкево и шиъ. Ткъа Iилманчаша бехк тIе ца буьту.

XS
SM
MD
LG