ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIехьа-Мартанахь полисхошна тIелатар динчун цIе йовзийтина


Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанахь полисхойн постана тIелатар динчу жимчу стеган цIе Iораяьккхина республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. 26 шо долу меттигера вахархо Мусаев Зеламха хилла иза.

Маршо Радионо яздира оршотдийнахь, ТIехьа-Мартанарчу лоьмар 4 йолчу пунктна тIелатар дарх вевзаш воцчо. Полисхочунна уьрсан чов а йина, граната кхоьсина хиллера тIелеттачо. Цул тIаьхьа ницкъахоша герз тоьхна, вийнера зуламхо. Дарбан цIийне вуьгучу заманчохь велла чов хилла 32 шо долу полисхо. Йолчу информацица, Новокузнецкера Къилбаседа Кавказе белхан декхар кхочушдан хьажийна Дворников Александр хилла иза.

"Талламаш дIабаьхьначул тIаьхьа къаьстина, полицин белхахошна тIелеттарг ТIехьа-Мартанара вахархо 26 шо долу Мусаев Зеламха хиллийла", - аьлла, дийцина Нохчийчуьрчу Талламан комитетан векало "Новости" агенталле. Цо бахарехь, цуьнан гергарчарна вевзина шайн стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG