Ницкъаллийн структурийн белхахойн кхачамбацарш гучудаьхна ТIехьа-Мартанарчу полисхойн постана динчу тIелатаро, тIейогIучу хенахь терроризмца латтош болу къийсам кхи тIе а чIагIбан беза аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Зуламхой Iорабаха беза террор дан церан коьрте деанчу заманчохь, дина даллалц а ца Iаш аьлла, ша Iалашо хIоттийна аьлла, билгалдаьккхина Кадыровс.
"Оцу гIуллакхна хIора полисхо сема хила веза, даим а оьшу информаци лоьхуш хила веза иза. ТIехьа-Мартанахь хиллачу инциденто билгалбаьхна эшамаш. Цунна жоьпалла тIехь долчу хьаькамаша кIорггера зераш а дина, цхьа хьесап дийр ду аьлла хета суна", - яздина мехкан куьйгалхочо шен Телеграм-каналехь.