ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яндиев Аслан бехказваккхар доьху адвокато


Шинаридийнахь дийцарш дIадаьхьира Ростов гIалин тIеман кхело Словакино Оьрсийчоьне дIавеллачу Къилбаседа ХIирийчуьра схьаваьллачу гIалгIан Яндиев Асланан гIуллакхан хьокъехь.

Карладоккху, 2007-чу шарахь дуьйна дуьненаюкъарчу лехамашкахь хилла ву Яндинв Аслан. 2011-чу шеран Дечкен-баттахь Словакехь дIалецира иза, ткъа 2018-чу шарахь Оьрсийчу экстрадици йинчул тIаьхьа БуьритIерчу талламан изоляторчохь латтош вара. 2005-2006-чу а шерашкахь Къилбаседа ХIирийчоьнан дозан тIехь герзашца леллачу тобанашца цхьана зуламаш лелийна аьлла, бехкевора Яндиев. Цуьнан гергарчара бакъ ца до, шайн стаг гунахь хилар дохкучу бехкашна.

Къилбаседа ХIирийчоьнан территореш тIехь теракташ дина аьлла, лаьцна латточу Хадзиев Iумара а, Цуров Руслана а Яндиевна дуьхьал тоьшаллаш далийнера кхелан кхеташонехь, амма тIаьхьо юхавелира и шиъ, тIехь ницкъ а бина, бертаза мукIарло дайтинера шайга аьлла.

Бехкбуьллучура 20 шо доьху Яндиевна. Шинаридийнахь кхелехь вистхуьлучу адвокато Сабинин Андрейс билгалдаьккхина, Яндиевс тIе ца дуьтуш хилар, ша зуламхойн тобанашца теракташ лелийна бохург а, тобанхошна герзаш латтор а. Ишта адвокато тидам тIе бохуьйту, цунна дуьхьал тоьшалла динчу шиммо шаьш аьлларг юхаэцна хилар а, Яндиевна дуьхьал цхьа Оздоев Алихан бен цахилар а. Иза а, Сабинина бахарехь, набахтехь хан токхуш ву, цундела цунна маьIне дац бакъдерг дийцар.

"Цхьана стага дечу тоьшаллийн бух тIехь бехк буьллийла дац", - аьлла адвокато Сабинина.

Кху бенттан 5-чу дийнахь кхелахоша бовзуьйтур бу Яндиев Асланан хьокъехь шаьш бина сацам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG