ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъехь йийсаре лаьцна тIемало верах бехказваьккхина Iамеркан эскархо


Iамеркан тIеман хIордан ницкъийн лерринчу эскаран тобанан командир Галлахер Эдвард а (аьрру агIорхьара хьалхара), цуьнан ваша Шон Галлахер а (юккъехь), ткъа иштта цуьнан хIусамнана Андреа а кхел дIайирзинчул тIаьхьа, Iамерка, Калифорни, Сан-Диего, 2Товб2019
Iамеркан тIеман хIордан ницкъийн лерринчу эскаран тобанан командир Галлахер Эдвард а (аьрру агIорхьара хьалхара), цуьнан ваша Шон Галлахер а (юккъехь), ткъа иштта цуьнан хIусамнана Андреа а кхел дIайирзинчул тIаьхьа, Iамерка, Калифорни, Сан-Диего, 2Товб2019

Иракъерчу Мосулехь йийсаре лаьцна тIемало леррина верна бехке веш вара Галлахер Эдвард

Бехккъасторхойн тIеман кхело бехказваьккхина шинарин дийнахь, Iамеркан тIеман хIордан ницкъийн лерринчу эскаран тобанан командир Эдвард Галлахер. Иза бехке веш вара 2017-чу шарахь Иракъехь йийсаре лаьцна "Исламан пачхьалкх" тобан тIемало, ша дийриг кхета а деш, верна.

Галлахер бехказваьккхина массо а бехкех, цхьаъ биссалц. Эскархо бехке вина веллачу тIемалочун уллехь, кепаш а хIиттош, сурташ дахийтарна.

Адвокаташа чIагIдора Галлахерна тешна бехк бина бохуш, цуьнан куьйгакIеллахь болчу эскархоша, командир даржах вохо гIортар Iалашонца. Цара дийцарехь, бехкбиллархошкахь цхьа а тоьшаллаш дацара цо иза дина хиларан – ша аьлча дацара, прокуратурана хетарехь, Галлахера вийна бохучу тIемалочун дакъа.

Бехкбиллархоша чIагIдора, уггар коьрта тоьшалла ду цо кхехьийтина такстан хаамаш а, сурташ а, бохуш. Цу суртех цхьанна тIехь Галлахер ву цхьана куьйга кхелхинчу тIемалочуьнан месаш а, вукха куьйга урс а лаьцна кеп хIоттийна лаьтташ. Текстан хаамехь цо яздина: "(Ас) дIаваьккхина хIара кху таллархочун уьрсаца".

Цул сов, прокуратуро тоьшаллаш санна далийнера цуьнца цхьаьна гIуллакх деш болчу эскархоша дийцинарг. Адвокташа чIагIдора, лахарчу чинехь болчу эскархоша, тIех сов шайна тIехь буьйранчалла дан луучу командирана дуьхьал бунт айар ду хилларг бохуш. Цара иштта тIе тидам бахийтира бехккъасторхойн Галлахеран уьрса тIехь кхелхинчу тIемалочуьнан цIийн ларш карийна ца хиларна.

Бехккъасторхойн жюрина юкъахь вара 7 эскархо – 5 хIордан гIашсалти а, 2 тIеман хIордхо а, шайна юкъахь лерринчу тIеман тобанан цхьа эскархо а волуш. Цара късто дезаш дара билггал хилларг хIун ду – баккъалла а урс тоьхна вийна тӀеман йийсархо 2017-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 3-хь 19 шарахь ТIеман хIордан ницкъашкахь гIуллакх динчу, маситтоза Иракъехь хиллачу 40 шо долчу Галлахера я иза Сан-Диего цIавирзинчул тIаьхьа цуьнан эскаран накъосташа кхоьллина ду цунна дохку бехкаш, шайн командир, совгIат а делла, даржехь лакха ца ваккхийта бохург.

ТIеман дов хаттаран системица а догIуш, кхеле озийнарг бехке ван реза хила дезаш ду бехккъасторхойн кхаа декъах ши дакъа (кхун бехктакхаман гIуллакхехь – 7-х 5-ъ). Иза иштта ца хилахь бехкъасторхоша я къелхаьрваккха везаш ву бехке веш верг, я мал дан дезаш ду цуьнга кховдийна бехкаш.

ТIеман йийсархо вер доцург, Галлахерна бехке дуьллуш дара Иракъера ши вахархо вен гIортар а, кхин а 4 зулам дар а, шайна юкъахь маьрша бахархошна герзаш деттар а, кхелхинчу нахана уллехь кепаш а хIиттош сурташ дахар а, шена дуьхьал таллам дIабахьарна новкъарло яр а долуш.

Шина кIиранах суд йоьдуш кхелехь тоьшаллаш дира 10-х лерринчу эскаран тобанан декъашхочо. Царах цхьаммо лоьрийн дешар дешна волчу Скотт Корис дийцира кхеле, шена гира аьлла, шен хьаькамо йийсаре лаьцначу тIемалочун логах урс тухуш.

Цул сов, цо дийцарехь, садаIа аьтто бечу леринчу системина тIе а тесна, лоьраш йийсархо кIелхьарваккха гIоьртича, Галлахера пIелг а таIийна юькъира чухула кислород догIу юткъа биргIа, цу кепара иза вен а вуьйш. Цо кхетийра ша динарг "къинхетамалла гайтар" дара аьлла.

Верриг а аьлча, 7 эскархочо дIахьедар дира, шайна гира аьлла, Галлахера цIеххьана урс детташ, Мосулехь бомбанаш еттачу хенахь йийсаре лаьцначу стагана. Шина тешана, цу шиннах цхьаъ Скотт а волуш, гинера Галлахера тIеман йийсархочун логах урс дохуьйтуш.

Вуьшта кхелан процесс дIайоьдуш гучуделира, вийначу тIемалочун улле дIа а хIуьттуш, сурташ дахийтина хилар берриг а аьлча санна Галлахера куьйгалла деш хиллачу тобанан декъашхоша.

Адвокаташа чIагIдарехь, сурташ а, текстан хаамаш а кхехьийтар Iовдал забарш яр дара, тIемаш боьлхучу меттигашкахь массо а эскархоша лелош долу.

Схьавалийна чов хилла стаг Iамеркан лерринчу эскаран тобан декъашхошка дIавеллачу Иракъан инарло дIахьедар дира, йийсархочун чевнаш ца йира Галлахера аьлла. ХIордан гIашсалтийн сержанто Кирайло Джорджиос а элира, тIемало хьалхо хиллачу чевнех велира, цунна логах йина чов хилар ца гира шена аьлла.

Кхин цхьа кхел хилира Галлахерна тIехула лаьттачу командирана лейтенантана Портер Джейкобана тIехь. Цунна бехке дуьллуш дара тIеман йийсархо вийна хила мега аьллачу шеконах лаьцна шен хьаькамашка ца хаийтар.

Галлахерна дуьхьал хилларг уггар гIараяьлла суьдан процесс яра Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн ТIеман хIордан ницкъийн исторехь. Иза дIахьош шен даржера дIаваьккхира ТIеман хIордан ницкъийн коьрта прокурор. Иза хилира, Галлахеран адвокаташа вошашка кхехьийтина электронан кхеташ прокуратуро тергалдина хилар гучудаьллачул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG