ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара цIаберзийначарна Казахстанан Iедалша интеграци яр тайна Iамеркана


Iамеркан пачхьалкхан секретар Помпео Майк а, Казахстанан арахьарчу гIуллакхийн министр Атамкулов Бейбут а.
Iамеркан пачхьалкхан секретар Помпео Майк а, Казахстанан арахьарчу гIуллакхийн министр Атамкулов Бейбут а.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар Помпео Майк Вашингтонехь цхьанакхетта шинаридийнахь белхан Iалашонца Iамерке веанчу Казахстанан арахьарчу гIуллакхийн министрца Атамкулов Бейбутца.

"Пачхьалкхан секретаро лаккхара мах хадийна Казахстанан урхалло Шемара цIабалийначу шайн бахархойн интеграци яран", - хаамбина пачхьалкхан департаментан пресс-гIуллакххоша, шина пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн урхалхойн цхьанакхетар дирзинчул тIаьхьа.

Iамеркан пачхьалкхан департаментан официалан векало Ортагус Моргана ишта хаамбина, Казахстано ОвхIанистанехь машар латторехь дакъалацар а Помпеос билгалдаьккхина хилар. Ортагуса бахарехь, Помпеос ишта реза хиларца тIеэцна Казахстанан президентан Токаев Касым-Жомартан бахархоша политикан процессехь дакъалацарх а, бахархойн бакъонаш Iалашъярх а дина дIахьедарш.

Хьалхо Казахстанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша хааме даьккхира, кху шеран Чиллан-баттахь министраллан урхалле Атамкулов хIоттийначул тIаьхьа Iамерке вахар дуьххьара дара аьлла.

Стигалкъекъа-беттан тIаьххьарчу деношкахь Казахстанан Iедалша дIакхайкхийра, Шемара шайн бIе вахархо даймахка верзийна шаьш, шайлахь бераш а долуш аьлла. Официалан зерашца, дерриг а Шемара цIадалийна 357 бер. Гергарчу Малхбалера цIабалийначу масех иттанашкахь бахархошна: божаршна а, зударшна а дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш даьхна Iедалхоша, уьш терроризмца боьзна хиларна.

2018-чу шарахь далийначу официалан терахьашца, Шема а, Иракъе а Казахстанера дIавахана 800 гергга вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG