ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIехьа-Мартанарчу полисхойн постана тIелеттарг наркоман вара аьлла Iедалхоша


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан а(аьтту агIор), чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIвс Алаудинов Апти а.
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан а(аьтту агIор), чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIвс Алаудинов Апти а.

Шема дIабахначу кегийрхойн гергара йоI ялийна, наркоман вара ТIехьа-Мартанарчу полисхойн постана тIелатар дина Мусаев Зеламха аьлла, дIахьедина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векалша мехкан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца дIаяьхьначу кхеташонехь. Маршо Радионо яздира, кху беттан 1-чу дийнахь ТIехьа-Мартанарчу полисхойн постана динчу тIелатарехь Кемеровон кIоштара белхан декхарш кхочушдан хьажийна хилла полисхо Дворников Александр верах.

Вийна тIелатархо Мусаев Зеламха наркоман хиллера аьлла Кадыров Рамзана вовшахтоьхначу кхеташонехь чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана. Мехкан "Грозный" телехьожийлан эфирехь гайтина, телекомпанин YouTube-каналехь Iораяьккхина кхеташонехь яьккхина репортаж. "Наркоман хилла ву иза, волчарна вевзина", - аьлла кхеташонехь министро.

Ишта цо билгалдаккхарехь, Шемарчу тIамехь кхелхинчу гIаттамхойн гергара зуда ялийна а хилла иза. "Шо хьалха дуьххьара хиллачу зудчуьнца дIа а къаьстина, бархI бутт хьалха кхи зуда ялийна хилла цо. 2013-чу шарахь Шема дIавахана, цигахь велла лоруш ву Балиев а, Садулаев а, церан шича хилла цо ялийнраг", - аьлла, дийцина кIоштан полицин хьаькамо Дадаев ИбрехIима.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG