ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхоша байинчу кегийрхойн кхел йийр ю Нохчийчохь


Нохчийчуьрчу прокуратурано кхеле дIакховдийна 2016-чу шарахь полисхошна тIелатар дан Iалашо хилла аьлла, вийначу Дагестанерчу 8 вахархочун хьокъехь бехкзуламан гIуллакх, хаамбо адвокатан Сабинин Андрейн информацина тIе а тевжина, "Агора" бакъонашларъяран тобано.

Талламчийн версица, шина машенахь Нохчийчу боьлхуш хилла и кегий нах теракт дан Iалашонца, амма полисхоша юкъахдаьккхина хилла, уьш хIаллак а бина.

"Дагестанера бахархой тIехь болчу шина машенна герзаш диттина , уьш чохь а болуш яьгнера машенаш. Лар ен даьндаргаш лелорна а, машенех цIе яларна а юкъахь зIе ца карийнера экспертиза йича а. Кега-мерса чевнаш хиллачу полисхошна дерриг а дицделла хилллера, цхьабоса кхетамчуьра а бовларна. Ца карийнера церан духарна тIехь оьккхуьйтучу хIуманийн лараш а", - аьлла, билгалдаьккхина Сабинина. Цо бахарехь, гIуллакх кхеле дIакхачийна, дайинчу берийн дай-наной гIуллакх юкъахдаккха реза ца хиларна. Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело доьху бехкзуламан гIуллакх листа Дагестане дIадалар.

Хьалхо "Медиазонас" яздира, Гуьмсан кIоштарчу Герзелна а, Энгел-Юртана а юккъехь ГIадужу-беттан 9-чохь буса байина бара уьш аьлла.

Оцу буса шаьш машенаш совцо гIоьртира, цара дуьхьал хьежа а деш, герз деттара аьллера ницкъахоша. Оцу инцидентех дуьйцуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана элира, ши -кхо бутт а бара Дагестанера "зуламхой" республикан дозан тIехь диверсеш ян гIерта аьлла. И тусаделлачу полисхоша ГIадужу-беттан 7-10 деношкахь тIетаьIIина ха латтош дара Гуьмсан кIоштахь аьлла, тIе а тухуш.

Байинчийн гергарнаш тешна бу, шайн бераш полисхоша лечкъийнера аьлла: виъ Махачкалахь, виъ Хасав-Юьртахь. Оццу юьртарчу автосервисехь нахана а гуш, туьтмIаьжгаш йоьхначу наха лаххьийна дIабигинера и кегий нах. "Медиазона" хьостан хаамца, вовшашна башха бевзаш а ца хиллера и кегийрхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG