ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно тIе ца лоцу Асадан амнисти


Шеман президенто Асад Башара шен пачхьалкхехь тIемаш бинчарна кхайкхийна амнисти къобал ца йо Оьрсийчохь аьлла, Пермерчу кхело дуьхьало йина Нохчийчуьрчу вахархочун кхелан сацам хийца. 2016-чу шеран Iай Шелан кIоштарчу кхело пхи шо а, ялх бутт а хан кхайкхийра Шемарчу тIамехь дакъалаьцначу Алхазов Аюбханна.

Талламчаша къастийра, 2015-чу шеран Дечкен-баттахь Астраханера доьдучу кеманца Туркойчу а вахна, цигара дIа Шема дехьаваьлла хилар Алхазов. 2015-чу шарахь шен деца цхьанакхеттачул тIаьхьа, юхавеанера иза. Ша полисхоша лаццалц хаийтина ца хилла цо, ша шен лаамехь Шеман конфликт юкъара ваьлла хилар. Амма йоьдучу кхелехь цо дIахьедина хилла, ша бехке хиларх а, дохковаларх а. Пермерчу набахтехь хан яккха дIахьажийнера Алхазов.

2018-чу шеран ГIадужу-баттахь Шеман президенто Асад Башара массарна а амнисти кхайкхош омрана куьйгъяздинчул тIаьхьа, Пермерчу кхеле дехар динера Алхазовс, шен гIуллакх юхалистар доьхуш. Кхелахоша цуьнан дехарна жоп ца делла, Оьрсийчоьнан Зуламан кодексехь дина ду таIзар, кхечу пачхьалкхан низамаш Оьрсийчохь лелаш дац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG