ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евкуровн хилла гIоьнчаш дIабаьхна Калиматовс


ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдечу Калиматов Махьмуд-Iелас дIаваьккхина хиллачу урхалхочун Евкуров Юнус-Бекан ворхI гIоьнча. Ву царлхаь Евлоев Улан, Евлоев МухIажир, Цолоев Iийса, Гагиев Мухьаммад, Мамилов Шарпудди а. Балхахь витина ши гIоьнча аьлла, хаамбина регионан куьйгалхочун администрацехь.

Маршо Радионо яздира, 2008-чу шарахь дуьйна республикан урхаллехь лаьттинчу Евкуров Юнус-Бека байначу беттан 26-чохь дарж охьадилларх. Ханна декхарш кхочушдан хIоттийра Калиматов Махьмуд-Iела.

Гезгамашин-беттан 8-чохь ГIалгIайчоьнан куьйгалхо харжа бартхилла мехкан Халкъан депутатийн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG