ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Протестийн лидерна тоьхна гIуда юхадаьккхина ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело


"ГIалгIайн къоман тайпанийн кхеташо" оранизацин куьйгалхочунна Ужахов Малсагна административан гIуда тохар низамашца дац аьлла, сацамбина ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело, хаамбо "Интерфакс" агенталло, кхелерчу шайн хьостана тIе а тевжаш. ГIадужу-баттахь Нохчийчоьнца ГIалгIайчоьно дозанаш билгалдахарна дуьхьа гIаттийначу митингехь дакъалаьцна аьлла, бехкевинера иза.

"Протесташкахь хилла ву ГIадужу-беттан 5-чохь аьлла, Магасан кхело бехке а вина, 10 эзар сом гIуда тоьхначу Ужаховс чуделла арз листина кхелахоша", - дийцина агенталле хьосто.

Цо бахарехь, матераилаш зийначул тIаьхьа Лакхарчу кхелана гучудаьлла низамаш дохош хьесап дина хилар Магасан кхелахоша. Оцу бахьанашца церан сацам юхабаьккхина Лакхарчу кхело

XS
SM
MD
LG