ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусулба пачхьалкхашкахь шен векал вина Кадыровс Даудов Турко


ТIеман полисхо а, Нохчийчоьнан муфтийн гIоьнча Даудов Турко а Шемарчу Алеппохь
ТIеман полисхо а, Нохчийчоьнан муфтийн гIоьнча Даудов Турко а Шемарчу Алеппохь

Бусулба пачхьалкхашкахь шен векал вина Нохчийчоьнан муфтийн гIовс Даудов Турко республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Еххачу заманчохь ваьхна хьо Гергарчу Малхбалехь, цундела дуккха а зеделларг ду хьан. Муфтийца, сайн хьомсарчу вешица Межиев Салахьца дага а ваьлла, охашиммо бартбина жоьпаллин дарж хьоьга кховдо - Iарбойн а, бусулба пачхьалкхийн а векал ван хьох Нохчийчоьнан цIарах", - аьллачу Кадыровн дешнаш далийна "Чечня Сегодня" агенталло.

Мехкан куьйгалхочо ишта билгалдаьккхина, исламан дуьненца уллора юкъаметтигаш дIатаса еза аьлла.

"Бусулба пачхьалкхашкахь хIинцца бен дика кхета а ца боьлла Нохчийчохь хуьлучу процессех. Хийцамаш хиларан бахьана ду, кеп-кепарчу тIегIанашкахь хилла кхиамаш а, вайн дIатасаелла уьйраш а. ДоттагIаллин, вежараллин юкъаметтига тесна СаIуда Iаьрбийчоьнца а, Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташца а, Бахрейнца а, кхечу мехкашца а", - аьлла. дIахьедина мехкан куьйгалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG