ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Biletix: туристашна уггар кхераме ю Кавказан регионаш


Кавказера туристаш

Biletix сервисан эксперташа дIабаьхьначу онлайн-хаттамехь билгалъевлла Оьрсийчохь а, кхечу пачхьалкхашкахь а туристашна кхераме йолу меттигаш. Верриг а хаттамехь дакъалаьцна 1800 эзар респонденто. Дукхахболчарна хетарехь, кхераме ду Кавказерчу мехкашка а, Оьрсийчоьнан Къилбе а, яккхийчу гIаланашка а ваха. 36 сов процент бахархошна кхераме хета Дагестан. Цунна тIаьхьа йогIу Нохчийчоь (34%), Москва а, Москван кIошт а (19%), Краснодаран кIошт (22 %), Свердловскан кIошт (12 %).

Информацин агенталлан зерашца, туристашна лела къаьсттина кхераме ю аьлла, билгалъяьхна бахархоша тIеман кофликташ лаьтта территореш а, зуламана барам лакхара болу меттигаш а. Масала, Шема (25 %). Оццу тептарехь ю ОвхIанистан а, Сомали а, Бразили а, Иракъ а, Колумби а, Ливи а, Судан а. Оьрсийчуьра дукха туристаш леста Мисара а, ХIиндойчоь а лерина кхераме.

Уггар маьрша ю аьлла къастийна Финлянди а, Норвеги а, Испани а, Германи а, Итали а.

Оьрсийчоьнан шахьарашлахь маьрша ю аьлла, кхаж тесна бахархоша Санкт-Петербургна а, Ленинградан кIоштана а. Цу шинна а кхаьчна 51 процент кхаьжнаш.

XS
SM
MD
LG