ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дождь": Талламан комитетан белхахойн алапаш тIетоьхна Путина


Оьрсийчуьрчу Талламан комитетан белхахойн алапаш тIедогIучу кхаа шерачохь 20 проценте лакхадевр ду. "Дождь" телеканале бина и хаам пачхьалкхан куьйгаллерчу церан къайлахчу хьостано. Президентан и омра цкъачунна къайлахчу грифехь латтош ду, цундела цхьанхьа а зорбане даккхаза дуьсу.

Бакъду, диллина ду финансийн министраллан 2020-2022-чу шерашна леринчу бюджетан проектан документаш. Цаьрца а догIуш, Талламан комитете хьажош ду оцу ханна совнах 16, 5 миллиард сом. Талламан комитетан белхахошна алапаш тIетохарх официалехь тIечIагIдеш дац. Телеканалан хьосто ишта хаамбина, кхечу ницкъаллийн структурашкахь кхи дIоггара тIетухуш дац ахча, инфляцица доьзна индексаци яр доцург аьлла. Талламан комитетца президентан Путинан башха юкъаметтигаш хиларца дузу анониман хьостано церан белхан алапаш лакхадаха сацамбар.

Кеп-кепарчу зерашца, алапаш тIетоьхначул тIаьхьа талламчан алапа 110 тIера 130 дер ду. Оцу юкъанна централан аппаратехь алапаш ишта а ду лакхара, лаккхарчу даржхоша чулучу декларацица а догIуш. Масала, Талламан комитетан куьйгалхочун лакхарчу гIоьнчийн алапа 375 эзар сом ду, ткъа куьйгалхочун гIовсаша оьцу 350 эзар гергга алапа баттахь.

Стохка деклараци тIехь Талламан комитетан урхалхочо Бастрыкин Александар билгалдаккхарца, цуьнан алапа 960 эзар сом ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG