Четар диттина шена нохчочо аьлла, арз динчу Австрин политикна Дёнмез Эфганина (Efgani Dönmez) дуьхьал бехкзуламан гIуллакх диллина. Ткъа цуьнан дуьхьалончо чIагIдора, шена урс даьккхина чугIертара иза, цунах ларвалархьама четарца дуьхьало йинера ша бохуш. "Кавказ.Реалии" портале полицехь дийцарца, Дёнмеза герзаца кхерамаш тийсина аьлла, шеконаш кхоллаелла Iедалан. Оцу юкъанна, цунна дуьхьал ваьллачу 23 шо долчу, нохчо ву аьлла, дIахьединчу стагна гонах а бу талламаш беш. Оьрсийчуьра ву алар доцург, иза мича къомах ву полицино дуьйцуш дац цкъачунна. Порталан корреспонденте полисхочо ма дийццара, Дёнмезна дуьхьал иск кховдийна оцу жимчу стага а. Вовшашна тIе бехкаш тоьтту шиммо а, кхерамаш тийсира, тохарш хилла бохуш. Карахь урс хиларна политикан гIуллакх чолхе ду.
Маршо Радионо яздира, Туркойчуьра схьаваьллачу Австрин политико Дёнмез Эфганис (Efgani Dönmez) дIахьедарх, шена нохчочо йиттина аьлла. Kronen Zeitung газетано Iорабаьккхинера и хаам.
Политико бахарехь, Линц олучу гIалахь хилла ю и инцидент, шен жимахйолу йоI вилспет хахка кхо Iамочу хенахь. ТIехволучу цхьаммо туйнаш туьйхира шен йоIана, цул тIаьхьа иза вилспетара чутоха гIоьртира аьлла, дIахьединера политико. Австрин парламентан депутат волчу Дёнмеза, ша урс даьккхира боху, цунна дуьхьало еш. Политико чIагIдо, цул тIаьхьа зуламхо гергарчу букмекерийн гIишлочуьра четар а эцна, шена иза детта вуьйлира бохуш.
Оцу меттиге кхаьчначу полицино цхьана ханна дIалецира тIелатархо. Ткъа Дёнмез дарбан цIийне вигинера, пIелг кагбина хилла цуьнан.
Ишта хиллачух кхин верси а яра лелаш. Шеконашка эцначу нохчочо дийцарехь, политик хилла цунна тIелеттарг, дийцина "Кавказ.Реалии" портале Линц гIаларчу полицин векало. Дёнмез уьрсаца шена тIехахкавелира, тIаккха букмекерийн бюро чу иккхира ша, орца деха аьлла нохчо ву бохучо. Цу чохь карадеанчу четарца дуьхьало йира ша агрессица шена дуьхьалваьллачу политикна бохуш, дийцина бехкевинчо.
Инцидент зуьйчу юкъанна полицин Iалашо ю талла, стенна лелош хилла политико шеца урс.
Австрин политикашлахь уггар а скандале лоруш ву Дёнмез Эфгани. Меттигерчу хаамийн гIирсийн агIонашкахь дукха хуьлу цунах яздина, расистийн, сексистийн къамелаш цо дарна.
Масала. 2015-чу шарахь мухIажирш а, бусулбанаш а емалбеш цхьа могIа сийсаз дIахьедарш динчул тIаьхьа декхаре хилира иза Баьццарчийн парти юкъара аравала. Цул тIаьхьа канцлер лаьттинчу Курц Себастьяна куьйгалла дечу Австрин халкъан партих дIакхийтира Денмез. 2018-чу шарахь немцойн Социалан-Демократин парти юкъарчу Чебил Савсан сийзазвинчул тIаьхьа, дIавьккхира иза оцу партера а.