ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Лошарикца" хилла инцидент: эксперташна хетарг


Оьрсийчоьнан хи бухахула лела кема "Лошарик"
Оьрсийчоьнан хи бухахула лела кема "Лошарик"

14 хIордахо а леш, "Лошарик" олучу Оьрсийчоьнан хи бухахула лелачу кемантIехь цIе яьлла хила мегаш ю цхьана аккумуляторан батарейца проблема хиларна. Цунах лаьцна хаам бина Forbes зорбанан гIирсо, цу пачхьалкхан тIеман министраллерчу хьастана тIе а тевжаш.

ХIун лелош хилла Оьрсийчоьнан субмарина хууш дац, яздо "Iамеркан аз" зорбанан портало. Iамеркерчу Гудзонан институтерчу говзанчана Вайц Ричардана хетарехь, Оьрсийчоьнан тIеман хIордан ницкъийн лаккхарчу даржашкахь болу эпсарш (велла 7 хьалхарчу ранган капитан ву) цу кеманна тIехь хиларо гойту и операци вуно лараме хилла хилар.

"Схьахетарехь, мисси лараме хилла, нагахь иза могIарера тренинг хиллехь а, ткъа цу тIехь лаккхарчу даржашкара эпсарш хиларо гойту уьш шаьш шайн бIаьргашца ган лууш хилла хилар хи бухахула лелачу кеманан аьттонаш муха бу бохург. Схьадиллинчу хьастанаш дуьйцучунна тIе а тевжаш аьлча, "Лошарик" леррина йолу Iалашонаш кхочуш йон хи бухахула лела кема хилла, кIоргга хи бухахулахь операцеш дIахьош лелош долу. Цу юкъахь хила мега тергам бар а, хи бухахулахь интернетан серий хедор а, ткъа иштта кхин долу а хи бухахулара хьашташ кхочушдар а ", - дIахьедар дина Вайца, "Iамеркан аз" порталан Оьрсийн сервисана интервью луш.

ТIеман хIордан аналитикан центран лаккхарчу Iилманан говзанчу ву Кофман Майкл. Цо билгалдоккху хин кIоргенехь талламаш баран коьртачу урхаллан долчу Оьрсийчоьнан субмаринин экипажо дIахьош хилла къайлаха зераш я дIахьотто гIераш хилла керла гIирс.

"ТIеман министраллан Iуналлехь йолчу хин кIоргенехь талламаш баран коьртачу урхаллана (ГУГИ) юкъадогIуш ду "Лошарик". И сервис чIагIйина ю цуьнан леррина техникан мисси хиларна. Амма цу хи бухахула лелачу кеман экипаж, цу юкъахь 7 хьалхарчу ранган капитан хиларна, ша тайпа хилла. Кхузара жамI дан мегар ду: хи бухахула лела кема керла гIирс зуьйш хилла я технологи гойтуш хилла. Амма цхьаъ галдаьлла", - аьлла хета Кофманна.

Карпентер Марк директор ву Пенсильванерчу Университетан Байденан цIарахчу центран. Цунна хетарехь, Баренцан хIорда чохь талламан операци дIахьош хиллачух тер аду Оьрсийчоьнан хи бухахула лела кема.

«Уггар хьалха хи бухахула тесначу кабельшна дуьхьал диверсеш яран операцеш дIаяхьа кечдинчу Оьрсийчоьнан дуккха а хи бухахула лелачу кеманех цхьаъ дара иза. И хи бухахула лела кеманаш вуно тийна ду. Цундела церан аьттонаш баккхий бу.

Оьрсийчоьнан хи бухахула лелачу кеманийн проблема ю уьш мелла а алсам духуш хилар, масала, Iамеркан кеманашца дуьстича. Ойла ян мегар дац Оьрсийчоьнан тIеман хIордан флот а, цуьнан хи бухахула лелачу кеманийн флот а Советан заманера тишйеллачу динозаврийн тоба ю аьлла. Мелхо а, иза забар йоцуш кхузаманахьлера флот ю, Цхьанатоьхначу Штатийн флотца цхьана тIегIанехь лаьтта", - дIахьедар дина Карпентер.

Норвегин Iедалша, шайн агIор, дIахьедар дина инцидент хиллачул тIаьхьа радиаци кхин дIоггара сов ялар ца хааделла шайна аьлла. Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша хаам бина кхелхина хIордахой дIабохка мега Петарбухехь, 2000-чу шарахь кхелхинчу "Курск" хи бухахула лелачу кеманан экипажана уллехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG