ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ростов гIаларчу тIеман кхелехь къаьсташ бу Яндиев Асланан кхоллам


Яндиев Аслан
Яндиев Аслан

Тахана, пIераскандийнахь Ростов гIаларчу тIеман кхелахоша бовзуьйтур бу, ГIалгIайчуьра схьаваьллачу Яндиев Асланан хьокъехь шаьш бина сацам. Къилба ХIирийчохь электроподстанци а, мобилан зIенан транслятор я эккхийтарна бехкевеш ву иза. ТIеман буьйранчан Басаев Шемалан тобанехь хилла ву иза бохуш, чIагIдо талламчаша. Цара дийцарехь, 2005-чу шарахь дIакхетта Яндиев гIаттамхойх. Гранатометаш йиттина подстанци а эккхийтина цо, БуьритIерчу автоматех ловзучу клубехь эккхийтар а дина, ишта масех теракт а дина ву иза, чIагIдо кхелахоша. Оцу зуламашкахь кхо стаг вийна, 40 чевнаш йинера.

2007-чу шарахь дуьненаюкъарчу лехамашка веллера иза. Диъ шо даьллачул тIаьхьа Словакехь хаавелира Яндиев, цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан Iедалшка дIавеллера иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG