ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"База": 18 миллиард соьмана цIенош деш ву "Роснефть" компани карахь йолу Сечин


"Роснефть" компанин куьйгалхочо Сечин Игора Барвихехь 18 миллиард соьмана гIишло еш хиларх талламаш зорбане баьхна "База" интернет-проекто. Журналисташа билгалдакхарехь, Сечина оцу хIусамна дойучу ахчанах дийнна шарахь еха Алтайн кIошт а, Адыгейн республика а. "Роснефть" компанин куьйгалхочун алапа 2016-чу шарахь 800 миллион сом хилла, цуьнца а догIуш, 23 шарахь гулдан дезаш хилла цо ахча цу кепара гIишлош хьалаян. Сечинан объектерчу гIишлошъярхойн тобан юкъа вахначу "Базан" белхахочо масех баттахь къахьегар бахьана долуш аьтто баьлла талламаш бан. Цо дийцарехь, 8 гектар йолчу цу территори тIехь Сечина хIаладеш кхо цIа ду: шен доьзална а, хьешашна а, кхоалгIаниг - хадархошна а, кхеран хIусамчохь гIуллакх дечарна а.

Шен а, хьешан а цIеношна юккъехула еш тоннель ю Сечина, и ши цIа вовшахтосуш. Дуьхь-дуьхьал йогIу ши машен дIасаяла меттиг а болуш шуьйра хир йолуш ю тоннель.

"Базан" информацица, цIенойн проект кхочушйина "Метрополис" цIе йолчу архитекторийн бюрос. Цара болх бинера "Сколково" объект а, Siemens штаб-квартиран офис а, ЗИЛ-ан территори тIехь гIишлош еш а, иштта Лужникехь бассейн еш а.

Журналисташца къамел дан реза ца хилла бюрон векалш. Билггал Сечин вуй Барвихехь гIишлош йийриг, хьенан цIартIехь ду цигара латта аьлла, дахьийтинчу кехатна жоп делла "Роснефтан" куьйгалхочун пресс-секретара Леонтьев Михаила. "Сечинан доларчу бахамах доьзначу хеттаршна жоьпаш далар компетенцехь дац" шен аьлла цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG