ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Школашкахь телефонаш лелор дехкар хьоьху Матвиенкос


Школашкахь мобилан телефонаш лелор дехкар хьехна Федерацин Кхеташонан спикеро Матвиенко Валентинас. Оцу хаттаран хьокъехь Роспотребнадзоро белхан тоба кхуллур ю цхьана баттахь.

"Хетарехь, школашкахь лелаяйта янне а ца еза телефонаш. Уьш Iалашъян аьттонаш бац цигахь.Нагахь еза телефонаш хилахь яьшки чохь юьтур яра, тIаккха уьш яхь?", - аьлла Матвиенкос доьзал а, бераш а Iалашдарехула йолчу пачхьалкхан политика кхочушъярехь дIаяьхьначу кхеташонехь еаридийнахь.

"Нагахь йоьдучу урокехь беран карахь телефон хилахь – доьшур дуй цо? Дац", - боху спикеро. Роспотребнадзоран куьйгалхочо Попова Аннас дош делла, цхьана баттахь белхан тоба вовшахтоьхна, школашкахь телефонаш лелорах йист йоккхур ю аьлла. Керла дешаран шо дIадоладале "оьшу хьесапаш дар" дехна Матвиенкос Попова Анне.

Хьалхо школашкахь гаджеташ лелорехь дозанаш тоха дезарх хьахийра дешаран а, Iилманан а министро Васильева Ольгас а.

Телефонаш урокашкахь ехкар цаторийла яц аьлла хета вице-премьерна Голикова Татьянина, амма гаджетех пайдаэцар цхьана регламентехь хилийта деза аьллера цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG