ГIалгIайчуьрчу 7 шо долчу йоIана еттаран хьокъехь гIуллакх толлур ду Оьрсийчоьнан Талламан комитето аьлла, хааме даьккхина шайн информацин хьостанна тIе а тевжина, "Интерфакс" агенталло.
"ВорхI шо долчу оцу йоьIан дегIа тIехь къиза чевнаш еш, цунна еттарх гIуллакх Оьрсийчоьнан Талламан комитете делла. Пачхьалкхерчу тоьллачу талламчаша луьстур долуш ду и зулам", - аьлла къамел динчо.
Маршо Радионо яздира, Наьсарарчу берийн могушаллин хIусаме кхачорах, дейишо къизаллица йиттина жима йоI. Бехкзуламан гIуллакх диллина оцу хьокъехь.
Наьсаран мэрин информацица, чолхе операци йинчул тIаьхьа реанимацехь ю карарчу хенахь йоI. Мехкан куьйгалхочун декхарш кхочушдечу Калиматов Махьмуд-Iелас тIедилларца дийцарш дIахьош ду Москварчу Рошалян институтца, и йоI дарбадан цига дIайигийта Iалашонца.