ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтехь даккха 19 шо кхайкхийна Яндиев Асланна


Къилбаседа Кавказан тIеман кхелехь ву Яндиев Аслан
Къилбаседа Кавказан тIеман кхелехь ву Яндиев Аслан

Къилба ХIирийчоьнан территори тIехь динчу теракташна бехкевина, набахтехь даккха 19 шо хан тоьхна ГIалгIайчуьрчу вахархочунна Яндиев Асланна Къилбаседа Кавказан тIеман кхело.

Карладоккху, 2007-чу шарахь дуьйна дуьненаюкъарчу лехамашкахь хилла ву Яндиев Аслан. 2011-чу шеран Дечкен-баттахь Словакехь дIалецира иза, ткъа 2018-чу шарахь Оьрсийчу экстрадици йинчул тIаьхьа БуьритIерчу талламан изоляторчохь латтош вара.

Талламчийн версица, 2005-чу шарера 2006-чу шаре кхаччалц кхечу тобанхошца цхьаьна "Владикавказ-2" подстанцина герзаш диттина хилла цо, сахьташкахь юьйлинчу реактиван гранаташ лоьлхуьйтуш. Ишта, 2006-чу шарахь "Игросервис" клуба хьалха тобанхошца юкъахь эккхийтар дина а хилла цо.

Оццу дийнахь, талламчаша дийцарехь, кхечу клубан коран у тIехь изза эккхийтарш дина хилла цара. ХIетахь кхо стаг велира, 25-нна чевнаш хиллера. ФСБ-н информацица, цул тIаьхьа ведда ваханера Яндиев харц кехаташца кхечу пачхьалкхе. 2011-чу шарахь Словакехь дIалецира иза.

Цуьнан гергарчара бакъ ца до, шайн стаг гунахь хилар дохкучу бехкашна.

"Ас мукIарло дийр дац сайгара ца даьллачунна а, айса дина доцчунна а. Со хIуманна а бехке вац", - аьллера Яндиевс йоьдучу кхелехь.

Къилбаседа ХIирийчоьнан территореш тIехь теракташ дина аьлла, лаьцна латточу Хадзиев Iумара а, Цуров Руслана а Яндиевна дуьхьал тоьшаллаш далийнера кхелан кхеташонехь, амма тIаьхьо юхавелира и шиъ, тIехь ницкъ а бина, бертаза мукIарло дайтинера шайга аьлла.

Бехкбуьллучура 20 шо доьху Яндиевна. Шинаридийнахь кхелехь вистхуьлучу адвокато Сабинин Андрейс билгалдаьккхира, Яндиевс тIе ца дуьтуш хилар, ша зуламхойн тобанашца теракташ лелийна бохург а, тобанхошна герзаш латтор а. Ишта адвокато тидам тIе бахийтинера, цунна дуьхьал тоьшалла динчу шиммо шаьш аьлларг юхаэцна хиларна а, Яндиевна дуьхьал цхьа Оздоев Алихан бен цахиларна а. Иза а, Сабинина бахарехь, набахтехь хан токхуш ву, цундела цунна маьIне дац бакъдерг дийцар.

"Цхьана стага дечу тоьшаллийн бух тIехь бехк буьллийла дац", - аьллера адвокато Сабинина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG