ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишхойх дIакхеттачу зудчунна хан тоьхна Германехь


Германера 32 шо долчу зудчунна 5 шо хан тоьхна "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобана юкъахь хилла аьлла, хаамбо Штутгарт гIалин кхело. Регионерчу кхелахоша бехке ю аьлла иза кхечу пачхьалкхерчу террорхойн организацехь дакъалацарна.

Кхелахойн версица, 2013-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц Шемахь яьхна и жима зуда. Прокурораша дIахьедина, Шема кхаьчна дукха хан ялалале, шена цкъа а вевзина а воцчу даIишхочуьнга маре яхана хилла иза аьлла.

Талламчийн информацица, экстремистийн тобанаша дIалецначу цIеношкахь Iийна иза шен цIийндеца, гарехь, герз тоха а Iамош. 2016-чу шарахь вийна цуьнан майра.

Ишта прокурораша дIахьедарца, "Исламан пачхьалкхан" Iер-дахар хестош блог хилла цо лелош социалан машанашкахь, кхиболу бахархой а тIеозо дагахь.

Кхелехь зудчо бакъ ца дина ша даIишхошца хилар. Курдойн эскарша 2017-чу шарахь йийсаре лаьцна хиллера иза, ткъа 2018-чу шеран бIаьста Германи юхаялийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG