ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу берийн омбудсмено шен тергоне эцна Iазап лайна гIалгIайн йоI


Берийн омбудсмен Кузнецова Анна
Берийн омбудсмен Кузнецова Анна

ГIалгIайчохь доьзалехь Iазап лайначу йоIах дийцина Оьрсийчуьрчу берийн омбудсмено Кузнецова Аннас. ЙоI операци йинчул тIаьхьа жимма меттаеанехь а, чолхечу хьолехь ю иза аьлла цо. Лоьраш цхьана а болуш, пIераскан суьйранна Москва дIаюьгур йолуш ю йоI аьлла, билгалдаьккхина Кузнецовас. ГIуллакх кхи гена далале оцу берах информаци кхачар бахьана долуш дийна йисина иза аьлла цо.

Иштта омбудсмено бахарехь, хIинца а хаанза дуьсу йоьIан да а, нана а долу меттиг а. ЙоьIан Iуналла деш хилла дейиша хIинца дуьхьалъяьккхинчу артиклца бехке а йина, хьалхо набахтехь хан текхна хилла аьлла, дIахьедина Кузнецова Аннас.

Бакъонашларъярхо тIекхуьуш яц, набахтехь хиллачу оцу зудчух муха тешийна хилла ворхI шо долу жима бер.

Маршо Радионо яздира, Наьсарарчу берийн могушаллин хIусаме кхачорах, дейишо къизаллица йиттина жима йоI. Мехкан куьйгалхочун декхарш кхочушдечу Калиматов Махьмуд-Iелас тIедилларца дийцарш дIахьош дара Москварчу Рошалян институтца, и йоI дарбадан цига дIайигийта Iалашонца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG