ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьана кIиранчохь шолгIа ницкъе мохкбегийна Калифорнехь


Шоьтадийнахь Калифорнехь мохкбегийна 7, 1 магнитуда (ницкъан гайтам) йолуш, хаамбо Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Геологин урхалло. 1999-чу шарера схьа бегийна бацара оцу пачхьалкхехь оццул ницкъе мохк. Невадана гена йоцчу штатан юккъехь бегийна бохк, Лос-Анджелесна 202 километар гена. Лазийначарех, йа беллачарех цкъачунна информаци яц.

Цхьана кIиранчохь шолгIа мохкбегийна Калифорнехь. Дахначу еаридийнахь хилла мохкбегор а 6,4 магнитудаца дара. ТIейгIучу заманчохь а дегор хила тарло, амма иштта ницкъболуш хир дац аьлла, Твиттерерчу шен агIон тIехь яздина Калифорнин технологин институтан сейсмолога Джонс Люсис.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG