ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иркутскехь доьза вайна 30 стаг схьакарийна


Иркутскехь зенаш хиллачарна гIо кхачийна волонтераша

Иркутскан кIоштахь токхамаш хиллачул а тIаьхьа доьза вайна лоруш хилла 30 стаг схьакарийна. Хаанза дуьсу меттиегрчу 11 вахархочун кхолламах. 22 стаг велла. "Интерфакс" агенталло бо и хаам, регионерчу Iедалхойн хаамашна тIе а тевжина.

Иркутскан кIоштахь хиллачу уггар баккхийчу токхамаша даккхий зенаш дина 100 эвлана. Кхо эзар ах эзар хIусамаш йохийна. 33 эзар стаг висина тховкIело йоцуш. Iедалхойн зерашца, 29 миллиард соьмана эшам бина оцу токхамо.

Байначу беттан 25-чохь дуьйна хи тIедала доладелира регионехь. Орцан министраллан дIахьедарца, саццанза оьху догIанаш бахьана долуш хилла и зулам. Ангара хина дуьхьал хIоттийна дамба а йохош, хи дистина тIедаьлла хилла.

Иркутскан кIоштарчу шина гIалин мэрна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш долийна, хуьлучу токхамех хьалххе бахархошка хаам ца барна а, бахархой кIелхьарбаха тIаьхьа буьйлабаларна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG