ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СинӀаткъаман цамгарш йолу нах уггар кIезиг бу Нохчийчохь


Москох Сербскийн цIарахчу психиатрин дарбанан центрехь даьккхина сурт.

Оьрсийчуьрчу регионашна юкъахь синIаткъаман цамгарш йолу нах уггар кIезиг бу Нохчийчохь. Иза гойтуш ду Москох Бехтеровн цIарахчу психиатрин а, неврологин а талламан центро далийна терахьаш, яздо "Коммерсанто".

Цу терахьашца а догIуш, хIора 100 000 стагана юкъахь коьртаца йоьзна цамгарш ловш ву Нохчийчохь 955 стаг. Иза уггар лахара терахь ду. ШолгIачу меттехь ю ГIалгIайчоь - 1157,8. КхоалгIа ю Къилбаседа ХIирийчоь - 1262,7. Москох 5-чу меттехь ю (Москва 1667,4).

Уггар дукха психиатрин а, неврологин а цамгарш кхетта бахархой бу Алтайн махкахь а (6271,2), Чукоткехь а (5193,7), Ямало-Ненецкан автономан гонехь а (4718,4).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG