ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIора 10 эзар доьзалх 6 дIасакъаьстина Нохчийчохь


2019-чу шарахь лаьрча Оьрсийчуьрчу регионашна юкъахь уггар бертахь беха доьзалш бу Нохчийчохь. Ткъа уггар дукха доьзалш дӀасакъаьстина Сахалинехь. Цу кепара ду Росстато дало терахьаш.

Иштта Нохчийн Республикехь хIора 10 эзар доьзална юкъахь дIасакъаьстина 6. ШолгIачу меттехь йолчу ГIалгIайчохь и терахь ду - 8. КхоалгIачу меттехь ю хIора 10 000 дозална юкъахь 11 дозал дIасакъаьстина Дагестан.

Бертахь ца беха доьзалш дукха хиларца рейтингехь хьалхарчу меттехь ю Сахалин. Цигахь 2019-гIа шо доладелчхьана хIора 10 000 доьзалх боьхна 51 доьзал. ШолгIачу меттехь ю 46 доьзал дIасакъаьстина Карели. Ненцойн автономан гонехь и терахь ду - 45.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG