ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къуьно мукIарло дина полице а веана


Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан Соьлж-ГIалин кIоштан декъе тIевеана 47 шо долу меттигера вахархо. Цо мукIарло дина ша Йоккха-АтагIан йистехь къола дарна.

Къуьно дийцарехь, эвла йистерчу цхьана нехан хIусаман гергахь йолчу къух даьллачу меттигехь шена гина аьчка яьшка а, 4 швеллер а, 4 турба а, араматуран юьхкаш яьхьна цо. ШолгIачу дийнахь тиша эчиг дIаоьцучу меттиге уьш дIаелча шена делла 500 туьма доьхкина цу стага шен хьашташна.

Къола дар бахьана долуш таллам болийна полицин белхахоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG