ГIалгIайчохь йиттина йоI хIинца а реанимацехь латтош ю Москох дIарбанан цIийнехь. Цунах лаьцна хаам бина ГIалгIайн республикерчу берийн омбудсмено Чахкиева Заремас.
«Iайша цхьаьтерра вочу хьолехь ю. Иза хIинца реанимацехь ю. Лоьраш шайга далург дерриг а деш бу вайн жимачу йоьIан куьг тадан!", - яздина Чахкиевас Instagram-хь.
Хьалхо лоьраша дIа ца доккхуш кIелхьардаьккхира беран аьрру куьг. Атту куьйгана операци яр тIаьхьатеттина.
Кху Товбецан-беттан 4-чохь Москох дарбанан цIийне ГIалгIайчуьра дIакхачийра дегIа тIехь дуккха а чевнаш йолу 7 шо долу йоI. Цуьнца доьзна бехктакхаман гIуллакх долийна Талламан комитето.