ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедов а, Диаз а латтаза ваьлла Лас-Вегасехь


Нурмагомедов Хьабиб архивера сурт.

UFC чемпион Нурмагомедов Хьабиб Лас-Вегасехь UFC 239 турнирехь латтаза ваьлла Iамеркахочуьнца Диаз Нэйтаца, хаам бо Newsmma.net сайто.

Дов иккхина Хьабиб а, цуьнан спортан накъостий а хевшина Iачу меттигна уллех волуш, Диаза цаьрга маьттаза багатохар бахьана долуш. Нурмагомедовс жоп делла, цул тIаьхьа UFC-н латархой вовшахлаттаза бевлла. Царна новкъарло йина каде хьаьвзинчу гIаролхоша.

И конфликт дуьххьарлера яц Нурмагомедовн а, Диазан а. 2015-чу шарахь WSOF 22 турнирехь дуккха а наъх юкъаозийна вовшахлаттаза бисира уьш. Дийцарехь, Диаза шиша ластийна хиллера Хьабибана тIе.​

XS
SM
MD
LG