ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДуьнентIехь 50 000 зуда елла доьзалехь бинчу ницкъах


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

ХIусамдайша я гергарчара ницкъ бина 50 эзар зуда йийна дьнентIехь цхьана шарахь. Ткъа вуьштта 2017-чу шарахь ерриг а йинарг ю 87 эзар зуда.

Оццу хенахь лурчаха дуьнентIерчу ерриг а тIеман конфликташкахь кхелхинчу нехан терахь ду 89 эзар стаг. И терахьаш далийна шен дIахаийтарехь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан зуламаш дарехула йолчу урхалло. Царах дукхах болу зударий байина Азехь а (20 000), Африкехь а (19 000).

Оьрсийчуьрчу Росстато бинчу хаамца, 2016-чу шарахь Оьрсийчохь беза-бевзачаьргара ницкъ лайна 16 миллион зудчо. Царах 40 процент зуламаш дина доьзалшкахь.

2017-чу шарахь Чиллан-баттахь Путин Владимира тIе куьгтаIйира доьзалехь ницкъ бар, нагахь иза дуьххьара хиллехь, криминалан зулам ца ларарх лаьцначу низамна. Бакъонашларъярхоша дийцарехь, цул тIаьхьа алсамдаьлла доьзалехь ницкъ лайна шаьш бохуш латкъамаш бечу зударийн терахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG