ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Журналисташ лецна Путинан резиденцина юххехь


ФСО-н белхахо.
ФСО-н белхахо.

"МБХ медиа" зорбан гIирсан журналисташ Кулагина Анастасия а, Погребняк Мария а, Золотов Андрей а дIалаьцна Федералан гIаролан сервисан (ФСО) белхахоша Подмосковьехь Рублево-Успенски шоссеца йолчу Путин Владимиран резеденцина юххехь. Эпсарш дийцарехь, журналисташ низам дохийна, "кибарчиг" олучу некъ боьхкучу билгалонна гIаш тIех а бевлла.

Дийцарехь, лецнарш, паспорташ дIа а даьхна, дIакхачийна Барвихерчу полицин декъе. Уьш лебина.

"МБХ Медиа" сайто хаам барехь, цу зорбанан гIирсан корреспонденташ видеоматериал йоккхуш хилла Усово эвларчу вовшахдалла доллучу цIийнах лаьцна сюжет кечйеш. Ши тIегIа долчу Путинан резиденцина юххехь йолчу цу гIишлончохь бехаш бу 9 доьзал. Iедалаша царна керла хIусамаш нисйир ю аьлла масийтта шо даьлла, амма кхочуш ца дина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG