ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къола дарна дохкояьлла зуда полице еана


Гайтаман сурт

Къола дина зуда дохкояьлла полице еана Соьлж-ГIалахь. Иза ю 25 шо долу ТIехьа-МартантIера яхархо.

Цу зудчо дийцарехь, Мангалан-беттан юьхьенца Соьлж-ГIаларчу Старопромыслан кIоштахь кхачанан сурсаташ духкучу туьканахь гӀoпacтaн тIехь Iуьллучу бохчан чуьра 10 000 эзар сом лачкъийна цо. Туьканчохь сурсаташ хоржуш ши зуда яра, царна ша гуш йоций хиъча дира ша къола, дийцина курхалчо полицин белхахошка.

Ахча цо оццу сарахь базарахь дайина цхьацца шен хьашташна, амма эххаре дохкояьлла полисхошна тIеяха сацам бина цу зудчо.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбан сервисо бинчу хаамца, хилларг толлуш ду.

XS
SM
MD
LG