ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуда ялош герз кхоьсиина 2 стаг лаьцна Хасавюртахь


Зуда ялош йогIу ковра.
Зуда ялош йогIу ковра.

Зуда ялош герз кхоьссина аьлла 2 стаг лаьцна полицин белхахоша Дагестанерчу Хасавюртахь. Цунах лаьцна хаам бо "АиФ Дагестан" зорбанан гIирсо, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Дагестанерчу урхаллан зорбан-сервисна тIе а тевжаш. Дийцарехь, инцидент хилла оршотан дийнахь Грозненски урамехь. Зуда ялош герз кхоьссина аьлла полице телефон тоьхна мила ву ца хуучу латкъамхочо.

Цу метте кхаьчна низамаш лардон органийн белхахой гIоьрина герз кхоссарна шеко йолу ши стаг полицин декъе дIавига. И бахьана долуш къепедацарш хилла оцу меттехь.

Таллам бича гучудаьлларг ду, кхоьссинарг травматикан герз хилар. Бакъо йоцчу меттехь герз кхоссарна а, полицин белхахошна дуьхьало ярна а административан таIзар дина низам дохийначарна.

Полицин векало бинчу хаамца, цу шиммо къинтIера баьхна республикера бахархой, шаьш динарг нийса цахиларна къера а хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG