ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цхьаммо кхобучу нехан ойланаш" дIайохур ю Куршлойн кIоштарчу бахархошна юкъахь


Куршлойн-Эвла.
Куршлойн-Эвла.

Куршлойн кIоштан администрацин куьйгалхочун хьалхарчу когаметто Бисултанов Яхьяс кхеташо дIаяьхьна, шен хьаькаме Кадыров Хьамзате "Социалан адвокат" программехь дакъалоцуш кхаьчна хилла хаттарш кхочуш дарна хьажийна.

Администрацехь хаам бина, хьажархоша даийтина хаттарш доьзна хилла хиларх некъаш тодарх а, ток ялорах а, хIусамаш яларх а, социалан гIо дарх а, балха хIуттуш накъосталла дарх а, лаьттан дакъош даларх а, ткъа иштта ладаме социалан объекташ ярх а лаьцна.

Бисултановс дийцарехь, уьш дерриг а теллича гучудаьлларг ду, царах цхьа дакъа "цхьаммо кхобучу нехан ойланаш йолчу бахархош дина бух боцу дехарш" хилар.

"Нохчийн Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Ахматовича декхарелахь дар кхочуш деш цхьаммо кхобучу нехан ойланаш дIайохуш Нохчийн Республикан бахархошна юкъахь дIахьуш болх хиларна, кху наха динчу дехаршкалу дацаре жоьпаш делла. Дисина хаттаршкахула 100% йистяьккхина, Нохчийн Республикан хьалхарчу президентан, Оьрсийчоьнан турпалхочун Кадыров Ахмат-хьаьжин цIарахчу регионерчу юкъараллин фондо гIо а деш…", даладо Iедалхочуьнан дешнаш "Грозный-информ" агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG