ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин дуьхьал ву Гуьржийчоьнна санкцеш кхайкхорна - РИА Новости


Путин Владимир.
Путин Владимир.

Путин ша дуьхьал хилар хаийтина Гуьржийчоьнна санкцеш кхайкхорна. Цунах лаьцна хаам бо РИА Новости агенталло. ЦАгенталло дийцарехь, Путина ша дийр дацара иза аьлла, "гуьржийн халкъе шен болчу лараман дуьхьа". Екатеринбургехь журналистийн хаттаршна жоьпаш луш Путина иштта элира, Габунина дуьхьал бехктакхаман гIуллакх доладайта а гIертар вац ша аьлла.

"ТIех сий дар хир ду оцу тайпачаьрна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш долор. Дийцийта кхин дIа а", - билгалдаьккхира Путина.

Хьалхо хаам баьржира, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо министрийн кабинете дехар дина хиларх лаьцна, Путин Владимиран сий дойуш "Рустави 2" телеканалехь къамел динчул тIаьхьа Гуьржйчоьнна санкцеш кхайкор хьокъехь. Цунах лаьцна дIахьедар дина Оьрсийчоьнан парламентан лахарчу чоьнан гIантдас Володин Вячеслава, Думан Кхеташо дIайирзинчул тIаьхьа.

Володина дийарехь, и сацам тIеэьцна цара, дуьхьал цхьа а депутат а воцуш. Дуьйцург ду Гуьржийчуьра чагIар а, минералан хи а эцар дехкар а, ткъа иштта Гуьржийчоьнна а, Оьрсийчоьнна а юкъахь ахча дIасаэхийтар сацор а.

Санкцеш кхайкхо еза аьлла хьалхаттар динарг ю "Цхьааллин Оьрсичоь" партин парламентера фракци.

Володина иштта дIахьедар дина, шена хетарехь, Путин сийсазвинчу журналистана экстрадици ян еза аьлла, иза Оьрсийчоьнан кхелана хьалха хIоттор Iалашонца.

Товбецан-беттан 7-чу суьйранна гуьржийн "Рустави-2" телеканалехь "Постскриптум" программа дIахьочу журналисто Габуния Георгийс къамел дира, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире хьажийна, цуьнан ден а, ненан а сий дойуш. Цул тIаьхьа оцу телеканалан гIишлонна хьалха цхьаьнакхеттера 200 гергга стаг, Габуния а, каналан куьйгалхо а балхара дIавккха, цу шинна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх доладе бохуш. Цара хIоаш диттира телеканалан хIусамна тIе.

Оьрсийчохь лазаме тIеэцна Габунияс Путинан сий дайар. Цу хьокъехь оьгIазе дIахьедарш деш бу Оьрсийчуьра политикаш а, Iедалан белхахой а, шайна юкъахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а волуш.

Цунна хетарехь, Путин Владимиран сий дойуш телеэфирехь къамел дина журналист Габуния суьде озо веза. Кадыровс кхайкхам бина Гуьржийчоьнан Iедалшка, официалан кепара бехк цабиллар деха аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша тешна ву боху, журналисто иза ша дагалаьцна дина ца хиларх. Цундела Гуьржийчоьнна дуьхьал луьра санкцеш кхайкхо еза, аьлла хета цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG