ГIалгIайчохь де йишас йиттинчу 7 шо долчу Iайшин хьал цхьанаэшшара ду. Цунах лаьцна хаам бина йоIанна дарба лелочу лоьро ГIалгIайчоьнан могашаллан министран декхарш кхочуш дечу Льянова Заремица къамел деш. Лоьро билгалдаьккхина, цуьнан хьал цхьанаэшшар хилар а, вочу агIор хийцалуш ца хилар а.
Лоьро дийцарехь, телхина дилха дIакъастаре хьожуш бу уьш, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.
Хьалхо хаам баьржинера йоIан дарба деш болчу лоьра шаьш доллачул хьалха гIорасиз хила мегаш ду цуьнан аьтту куьйг дIа ца доккхуш дита аьлла.
ГIалгIайчуьрчу талламан комитето талла долийна 7 шо долчу берана цу бессара ирча чевнаш яр муха нисделла а, меттигерчу лоьрашна иза ца гуш муха дисина а.