ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДIахецаза ву Швецехь лаьцна "Вайфондан" куьйгалхо Садулаев


Садулаев Мовсар.
Садулаев Мовсар.

Швецехь шинарин дийнахь лаьцна "Вайфондан" куьйгалхо Садулаев Мансур дIахецаза ву полицино. Цунах лаьцна "Маршо Радионе" хаам бина Садулаевн накъосташа.

Бакъонашларъяран а, гIо-накъосталлин а вовшахтохаралла кхоллархо лецира Стокгольман аэропортехь, кемантIера охьабиссина схьабогIучу некъахошна юкъара схьа а ваьккхина.

Садулаевгара дIаяьккхина телефон а, цуьнгахь хилла хIуманаш а. Цул тIаьхьа иза дIавигина Нючёпинг гIалан полицин декъе. Бакъонашларъярхо лацаран бахьана билггал хууш дац. Цхьаболчу хаамашца цуьнан бахьана ду Оьрсийчоьно иза Интерполехула лехамашка велла хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG