ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно юхадоло мегаш ду Тбилисе кеманаш лелар


Тбилисера аэропорт
Тбилисера аэропорт

Оьрсийчоьнан Iедалша юха а бакъо яла мегаш ю шайн кеманашна Гуьржийчу лела. Цул тIаьхьа Москох дийцаре дан дагахь ю Тбилисица визан раж дIаяккхарца доьзна хаттар. Цунах лаьцна яздо "Коммерсанто", дипломатин хьастанашна тIе а тевжаш.

Цу хьастанаша дийцарехь, Москох реза хилла "Рустави" телеканалан эфирехь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир сийсазвеш къамел динчул тIаьхьа хиллачу гуьржийн Iедалийн реакцина.

Гуьржийчоьнан президенто Зурабишвили Саломес емал дира журналисто Габуния Георгийс шен авторан программехь Путинан сий дойуш дийцинарг, иза радикалаш дина питана тасар дара аьлла. Изза дира цу мехкан арахьарчу гIуллакхийн министралло а. Цул тIаьхьа Путина дIахьедар дира, ша дагахь вац Тбилисина дуьхьал санкцеш кхайкхо аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG