Нохчийчохь Теркйистан кIоштарчу полицин декъе гIо доьхуш вена хилла шинарин дийнахь 53 шо долу меттигера вахархо. Цо дийцарехь, "Лада Приора" машенна хьалха Лакхарчу Невра воьдуш цо дIавига чухаийна некъаца лаьтташ хилла стаг.
ЧIулга-юьртан йистехь чIург иккхина иза хуьйцуш машен долахо а витина дIавахана некъахо, машен чуьра 4500 сом ахча а лачкъийна.
Сихонца арабевлллачу полицин белхахой тIаьхьакхиъна къунна. Иза хилла оццу Теркйистера 30 шо долу вахархо, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбан сервисо.