ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къоман проекташна 13 миллиард сом дойур ду Нохчийчоьно


Архивера сурт
Архивера сурт

Нохчийчохь 48 регионан проект кхочушъян дагахь ду меттигера Iедалш. Уьш дакъа ду 14 къоман проектан, яздо "Регнум" агенталло.

Уьш кхочуш ян делларг ду 13 миллиард сом, хаам бина республикан Iедалан куьйгалхочо Хучиев Муслима.

Цо дийцарехь, юьхьарлаьцна проекташ кхочун ян 250 контракт хIоттийна Iедалша, ткъа иза 90% процент барам бу берриг а бан безачу белхан.

Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар динера республикехь 5 шаранна лерина тайп-тайпана проекташ кхочуш ян 180 миллиард сом лур ду Оьрсийчоьнан федералан бюджетера аьлла.

Нохчийчоьнан Iедало тIеэцна ю 49 проект. 2024 шо тIекхачале уьш кхочуш еш дайа деза ду 190 миллиард сом. Цу ахчанан доккхаха долу дакъа - 180 миллиард сом доуьйтур ду федералан бюджетера.

Кхушара ГIуран-беттан 24-чохь Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс шен Iедалан декъашхой декхарелахь бинера хIара шо чекхдалале ерриг а регионашкара проекташ тIечIагIъян. Уьш кхочуш ян тIедогIучу кхаа шарахь луш ду 5,7 триллион сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG