ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юсупов ИбрахIим. Дика а, вон а сан кхин хьоьца дац...


Дика а, вон а сан кхин хьоьца дац...
Юсупов ИбрахIим

Дика а, вон а сан кхин хьоьца дац.
Ца оьшу гIерта со тIехIитто дуйнна.
ДIаяхна марзонаш схьайогIур яц.
Суна хьо йицъелла Iуьйранна дуьйнна.

Хила а там бу-кха хьо – бакъ, со – харц.
Делахь а, безаман хи лекъна даьлла.
Мажбелла шовданна уллера арц.
Хьо суна хIинцале йицъелла яьлла.

Ма гIерта, пIелгаш а сеттадеш хьайн,
Сан дагахьбалламан мIаьргонаш хьаста.
Мархаша дIалеци беттаса кIайн.
Тахханехь сацам би ас хьоьх дIакъаста.

Дицди ас хьо сайна евзина шо,
Кхолламо сайн даг тIе хьаьрсича туьха.
Балха тIехь, пхьоьханехь ма леха со.
Хьо суна йицъелла… хьо галлац юха.

Хоттане, 1981 шеран март

XS
SM
MD
LG