Дукха луьйш волчуьнга
Юсупов ИбрахIим
эпиграмма
Хьан бага цкъан цкъа а ца йоьду ваьшта,
Хьан багах схьадаьлларг – нийсса ах аьшпаш.
Пхьоьханахь гулъелча юьртахойн тоба,
Дукха луьйш, дойъу ахь массеран собар.
Хьан бага екаш ю, ца соцуш денна,
Ши шай а пайда бац ахь бахьаш цIенна.
Хьо боккха бала бу хьо волчу дена.
Хьох кула хуьлуш ю хьан нана къена.
ГIаддайна, чутаьIна хьан ший а белш а:
Лела уьш совбаьлла хьан корта беса.
ШайтIанан мас санна, мотт бу хьан беха,
Уьшалахь кхиъна бу хьан аьшпийн Iеха.
ХIай тентаг, доьху хьоь, ма лехьа дукха,
Хаахьа, сов дукхa лер – сакхт ду-кха.