ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юсупов ИбрахIим. Байттамал, кхин суна карор дац дешнаш...


Байттамал, кхин суна карор дац дешнаш...
Юсупов ИбрахIим

Байттамал, кхин суна карор дац дешнаш,
Шайх байташ юцуш, ас лелийна дерш.
Хьан дагна лулахь ду-кх сан шовкъийн кешнаш -
Уьш царна ас охкуш хьо яр-кха теш…

Ас хIун де хьан хьажар гуш хилча гIенах,
Набаран марзоно ловзош сайн дог?
Ас хIун де хьоьца ас яьккхинчу хенах
Сайн иэсехь йиссинчу, шех хилла бог?

Малх шийла схьакхетий, сайн кийра гIорош,
Со муха вохлур ву, кегаеш юкъ?
Къевллина дIачIогIуш хьайн деган кораш,
Сан коча оьлли ахь къастаран дукъ…

Ирс суна мел хилиъ дезара деза-м,
Амма и дIадаха, етташ шен берг…
Байттамал, карор бац суна сайн безам -
Шех байташ юцуш ас хьистина берг…

Хоттане, 1982 шеран март

XS
SM
MD
LG