ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юсупов ИбрахIим. Хьан деган йийсарехь веха ИбрахIим...


please wait

No media source currently available

0:00 0:00:52 0:00
Линкана тIе

Хьан деган йийсарехь веха ИбрахIим...
Юсупов ИбрахIим

Хьан деган йийсарехь веха ИбрахIим,
Лууш хьан ойланех верриг дIаиэн,
Даггара лууш хьо гIенах ган даим,
Шеллучу хьозанна бен санна шен.

Йохуш сайн ойланийн хорханаш чIана,
Лоьхур яц ас хийра марзонаш кхин:
Ховхачу хьан дагна со хетчахьана
Йогучу гIамаршлахь къурд санна хин.

Мацца а, ячделча оьмаран денош,
Детташ шайн синзаза дагаден ткъес,
Кхолламан догIано тIадамаш Iенош,
Iалашдан гIорталахь безаман иэс.

Сан кийра тIам тоха баьхьар бац бохам,
Ахь кхиош хилча сан ойланийн хIу.
Хьан васто дашо беш сан кевнан бIогIам,
Бутт даим сан уйтIа кхетта хир бу.

Хоттане, 1982 шеран апрель

Юсупов ИбраьхIим, нохчийн поэт.

XS
SM
MD
LG