ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан туризман центр схьайиллина Парижехь


Париж, Эйфелан бIов. Архивера сурт.
Париж, Эйфелан бIов. Архивера сурт.

Нохчийчуьрчу Iедалан делегацино Парижехь схьайиллина Visit Chechnya цIе йолу туризман центр. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло.

Нохчийн Республикан туризман министро Байтазиев Муслима дийцарехь, иза дуьххьарлера цу тайпа центр ю Петарбухерчу дуьненаюкъарчу экономикан форумехь цу хьокъехь барт бинчул тIаьхьа схьайоьллучу 4-а центрах. Йисина кхоъ хир ю Берлинехь а, Бернехь а, Истанбулехь а.

Цуьнца цхьаьна гергарчу хенахь кхуллур ю Нохчийчоьнах лаьцна, коьртачу декъана туристийн хьашташна хьажийна, интернетан сайт. Иза маситта маттахь хир ю.

Visit Chechnya цIе а йолуш хьалхара туризман центр кхоьллира 2018-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь Петарбухехь.

Нохчийчоьнан туризман министралло тIаьххьара далийначу терахьашца, 2018-чу шарахь Нохчийчохь хилла 150 эзар гергга турист. Уьш бара Оьрсийчуьра а, Советан пачхьалкхана юкъахь хиллачу пачхьалкхашкара а, ткъа иштта а генарчу а, гергарчу а кхечу пачхьалкхашкара бахархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG