Иракъехь чубоьхкинчу Оьрсийчуьрчу зударийн 33 бер цIадалийна еарин буса. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксе" Оьрсийчоьнан берийн омбудсмено Кузнецова Анна. БагIдадера догIу бераш тIехь долу орцаллан министраллан кема охьахиъра Москох.
Болчу хаамца, цIадерзийначарна юкъахь 3 бер нохчийн ду.
Кузнецовас дийцарехь, кхин а 2-3 шераш долу махкал арахьа дина 30 бер цIадалор долуш ду Оьрсийчоьнан Iедалша тIебогIучу Марсхьокху-баттахь Шемара. Дийцарехь, церан гергарчара уьш тIеэца кечдина оьшуш долу кехаташ.