ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Буй Европера нохчийн мухIажирш кхерамна кIел?


ГIоьналлин VAYFOND организацин куьйгалхо Садулаев Мансур
ГIоьналлин VAYFOND организацин куьйгалхо Садулаев Мансур

ХIунда дIалаьцна Швецехь Кадыровн критик

Оьрсийчоьнан дехарца нохчийн бакъонашларъярхо Садулаев Мансур дIалаьцна кху беттан 8-чу дийнахь Швецин полисхоша. ТIаьххьарчу масех шарахь ша вехачу Стокгольме кеманца схьа ма кхеччи лаьцна ву иза. Аэропортна гена йоццучу Нючепинг гIалин полисхойн декъе вигина хилла Садулаев.

2017-чу шарахь Евробертан пачхьалкхашкахь вехачу нохчийн масех мухIажирца юкъахь гIоьналлин "Вайфонд" организаци вовшахтуьйхира цо.

"Коммерцица йоьзна а йоцуш, шайн лаамехь нохчийн къоман векалша а, нохчийн юкъараллаша а, кхеташонаша а кхоьллина дуьненаюкъара организаци ю хIара" аьлла, яздина ду "Вайфондан" сайт тIехь.

Церан коьрта Iалашонаш ю – къоман а, динан а, синбахамаллин а ламасташ кхиор, даржор, ишта адамийн бакъонашна гIаролехь латтар, чолхе мур тIехIоьттинчу шайн махкахошна гIо кхачор а.

Ишта организацин векалийн куьг кхочу Европан пачхьалкхел а арахьа бехачу нахана а. Масала, фондан белхахоша ахча гулдо доьзалш болуш, амма царна кхачо йоллу напха латто, йа хIусам лаца ницкъ ца кхочучу Iарбойн пачхьалкхашкахь бехачу студенташна а цхьана.

Садулаевн белхан накъосташа дийцарехь, цунна шена а хууш а ца хилла, Оьрсийчоьно ша Интерполе веллийла.

Шен видеороликашкахь тероризме кхайкхамаш бина цо аьлла, бехкево иза Оьрсийчоьнан Iедалхоша аьлла, дийцина прокуроран офисехь бакъонашларъярхо Iалашван лаьцначу адвокато.

Фейсбукерчу "Вайфондан" пена тIехь дахначу кхааридийнахь информаци гучуелира, "шведийн прокуроро экстрадици йийр яц аьлла, сацамбина, цундела кхеле иза лаьцна вита аьлла, тIе а ца дожийна цо" аьлла.

Садулаев Мансур уллора вевзачу, Германехь вехачу Хьамзатана хетарехь, иза лацар доьзна хила тарло, цо кест-кеста Нохчийчоьнан куьйгалхочунна шога критика еш хиларна.

"Терроризме кхайкхамаш бина цо бохуш, цунна бехкаш дахкар - Швецехь цунна бехкамаш байта гIертар ду, Европехула леларна а доза тухуш, - тешна ву Хьамзат. – Дуьненаюкъарчу бакъонехь лела ша декхаре хиларе терра, гIулчаш йийр ю Швецин Iедалша, Оьрсийчоьнна тIаьхьахIуттур яц".

Политикан мухIажиран статус еллачу пачхьалкхо Садулаев лацарца хаттар хIоттадо дуьненан юкъараллана хьалха: Малхбузерчу демократин пачхьалкхашкахь тховкIело лоьху шен оппоненташ Оьрсийчоьно дIабехар мел бакъонца догIуш ду?

Садулаевн истори - дуьххьара хилла ца Iа. Оьрсийчоьно тIедилларца нохчийн мухIажирш дIалецар даьржина хIума ду Европан мехкашкахь.

ТIаьххьарчу масех шарахь ситуаци чIагIъелла, оцо хьоло сагатдойту ши эзар гергга стаг чулоцучу Европерчу нохчийн диаспорашка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG